×

Делан Йозанаш 2012

Забур 90

1
Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.
2
Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гӀап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»
3
Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а, лечу цамгарх а.
4
Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.
5
Буьйсанна хуьлучу Ӏадорах а, дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо,
6
боданехь лелачу уьнах а, делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац.
7
Хьуна гонах эзар а, аьтту агӀор итт эзар а вожа мега, амма хьуна Ӏожалла тӀейогӀур яц.
8
Хьайн бӀаьргашца гур ду хьуна зуламечу нахана таӀзар хуьлуш.
9
Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.
10
Хьуна вон болх а хир бац, цамгар хьан цӀенна улло а йогӀур яц.
11
Везачу Эло Шен маликашна тӀедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар.
12
Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш.
13
Лом а, лаьхьа а хьошур ду ахь, лоьман кӀорни а, текхарг а эшор ду.
14
Везачу Эло олу: «Со везарна кӀелхьарвоккхур ву Ас иза, Ӏалашвийр ву Со ларарна.
15
Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргӀат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду.
16
Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду, цунна кӀелхьарвалар а лур ду».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки