×

Делан Йозанаш 2012

Забур 91

1
Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.
2
Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар, Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
3
Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца, ткъа буьйсанна — Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,
4
итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а, хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.
5
Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту, Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.
6
Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла, кӀорга ю Хьан ойланаш!
7
Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац, сонтачун кхетам а ца кхочу,
8
Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.
9
Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц массарна а тӀехь олалла дийриг ма ву!
10
Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.
11
Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
12
Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна. Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.
13
Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.
14
Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара.
15
Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.
16
Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки