Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тӀехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. |
| 2 |
| Хьан Ӏарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву. |
| 3 |
| Хин Ӏовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Ӏовраша шайн аз хьалаойу, хин Ӏовраша чӀогӀа гӀовгӀа йо. |
| 4 |
| Амма дукхачу Ӏоврийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу, хӀордийн тулгӀенийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ. |
| 5 |
| Ахьа хӀиттийна бакъонаш тешаме ю. Хьан цӀа дерриг а деношкахь, Веза Эла, деза хиларца хаздина ду. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/092.mp3
150
92