×

Делан Йозанаш 2012

Забур 93

1
Веза Эла, Хьо — бекхам беш волу Эла ву, лепаш дӀахӀоттахьа, бекхам беш волу Дела!
2
ГӀаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа.
3
Мел дахлур ду те Ӏесачеран сакъерадалар? Мел дахлур ду те уьш баккхийбер?
4
Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.
5
Хьан халкъана, Веза Эла, гӀело йо цара, Хьан долахь берш цара бацабо.
6
Цара бисина Ӏаш болу зударий боха а бо, тӀебаьхкина нах а, бай а хӀаллак а до.
7
Цара боху: «Везачу Элана хӀара ца го, Якъубан Дала хӀокхуьнан тидам ца бо».
8
Хьекъале дуьйлийша, нахана юкъара кхетам боцурш! Маца кхетар ду теша шу, хьекъал доцурш?
9
Шуна лергаш Деллачунна дӀахезар дац ткъа? Шуна бӀаьргаш Деллачунна дӀагур дац ткъа?
10
Халкъашна таӀзар Дечо шу нисдийр дац ткъа? Адамаш Ӏамош Волчун хьекъал ца кхочу ткъа?
11
Везачу Элана адаман ойланаш евза, Цунна хууш ду и ойланаш эрна юйла.
12
Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Ӏамош верг.
13
Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло, Ӏесачарна каш аьхкина даллалц.
14
Везачу Эло Шен халкъ дӀатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.
15
Кхел ечу меттигашка нийсо юхайоьрзур ю, ткъа догцӀена мел берш цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.
16
Мила ваьлла сан дуьхьа зуламечу нахана дуьхьал? Мила хилла соьца харцонаш лелош болчарна дуьхьал?
17
Везачу Эло суна гӀо ца динехь, кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара.
18
«Сан ког шерша», — аьлла, суна хетачу хенахь, Хьан безамах, Веза Эла, суна гӀортор хилира.
19
Кийрахь со гӀайгӀане волчу хенахь, Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра.
20
Хьоьца цхьаьнакхетар ма бац телхина кхелахой, нахана бохам баккха Ӏедал дерзораш.
21
Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу, цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо.
22
Амма Веза Эла сан гӀап хилла дӀахӀоьттина, сан Дела суна къайлаваккхаран тарх хилла.
23
Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу, цара динчу вонна Цо уьш хӀаллак а бийр бу. Вайн Везачу Дала уьш хӀаллакбийр ма бу!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки