×

Делан Йозанаш 2012

Забур 94

1
Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
2
Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.
3
Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.
4
Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю, лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.
5
ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела, ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.
6
Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.
7
ХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
8
«Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
9
Шун дайша Со зийра цигахь, Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.
10
Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“.
11
Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки