Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла! |
| 2 |
| Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу. |
| 3 |
| Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу. |
| 4 |
| Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду. |
| 5 |
| Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. |
| 6 |
| Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо, массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го. |
| 7 |
| ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш, эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш. Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш. |
| 8 |
| Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю, ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю, Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела. |
| 9 |
| Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву. |
| 10 |
| Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху. |
| 11 |
| Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа, догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу. |
| 12 |
| Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш, Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна! Цуьнан возалла дага а лоцуш, хила Цунна хастамаш беш! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/096.mp3
150
96