Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина. |
| 2 |
| Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина. |
| 3 |
| Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар. |
| 4 |
| Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне, адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха! |
| 5 |
| Дечиг-пондар лакха Везачу Элана, эшарийн аьзнашца а, дечиг-пондаршца а лакха Цунна. |
| 6 |
| Турбанаш а, маӀаш а лоькхуш, самукъадолуш хила Паччахь волчу Везачу Элана хьалха. |
| 7 |
| Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а. |
| 8 |
| Хиша шайн тӀараш а деттийла, лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла, |
| 9 |
| Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хӀунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогӀуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/097.mp3
150
97