Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву: дегадойла латта! |
| 2 |
| Веза Эла Цийонехь сийлахь-воккха ву, Иза дерриге а къаьмнел лекха а ву. |
| 3 |
| Цара хастам бойла Хьан цӀарна, иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю, Дела веза ма ву! |
| 4 |
| Паччахь нуьцкъала ву, Иза нийса кхел езаш ву. Ахь нийсо дӀахӀоттийна. Якъубан тӀаьхьенан халкъана Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна. |
| 5 |
| Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха Ӏибадат дейша, Дела веза ма ву! |
| 6 |
| Динан дайшна юкъахь Муса а, АхӀарон а вара, ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь. Цара Везачу Эле доӀанаш дора, Цо царна дуьхьал жоп а лора. |
| 7 |
| Мархин бӀогӀамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга. Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора. |
| 8 |
| Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугӀура. Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира, ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора. |
| 9 |
| Вазвейша вайн Веза Дела! Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь, хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/098.mp3
150
98