Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле! |
| 2 |
| Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана. Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо! |
| 3 |
| ДӀахаалаш, Веза Эла — Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду. |
| 4 |
| Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе. |
| 5 |
| ХӀунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/099.mp3
150
99