|
| 1 |
|
| Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ. |
|
| 2 |
|
| Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах. |
|
| 3 |
|
| «Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», — бохура цара. |
|
| 4 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. |
|
| 5 |
|
| ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара». |
|
| 6 |
|
| Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла. |
|
| 7 |
|
| Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?» |
|
| 8 |
|
| Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду». |
|
| 9 |
|
| АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“». |
|
| 10 |
|
| АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. |
|
| 11 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 12 |
|
| «Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“». |
|
| 13 |
|
| Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара. |
|
| 14 |
|
| Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира. |
|
| 15 |
|
| Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» — бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. |
|
| 16 |
|
| Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал». |
|
| 17 |
|
| Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш. |
|
| 18 |
|
| Ӏовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера. |
|
| 19 |
|
| Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш». |
|
| 20 |
|
| Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара. |
|
| 21 |
|
| Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара. |
|
| 22 |
|
| ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза. |
|
| 23 |
|
| Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де — шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха». |
|
| 24 |
|
| Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна. |
|
| 25 |
|
| Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац. |
|
| 26 |
|
| Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац». |
|
| 27 |
|
| Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира. |
|
| 28 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш? |
|
| 29 |
|
| Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла». |
|
| 30 |
|
| ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура. |
|
| 31 |
|
| Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра. |
|
| 32 |
|
| Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“». |
|
| 33 |
|
| Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза». |
|
| 34 |
|
| ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама. |
|
| 35 |
|
| Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц. |
|
| 36 |
|
| (Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.) |
|
|
|
|