|
| 1 |
|
| Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. |
|
| 2 |
|
| Доьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо. |
|
| 3 |
|
| Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо. |
|
| 4 |
|
| Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу. |
|
| 5 |
|
| Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца. |
|
| 6 |
|
| Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду». |
|
| 7 |
|
| Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо». |
|
| 8 |
|
| ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета». Вукхо кӀентан нана схьаялийра. |
|
| 9 |
|
| ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира. |
|
| 10 |
|
| КӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела. |
|
| 11 |
|
| Цул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ. |
|
| 12 |
|
| ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас. |
|
| 13 |
|
| ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?» |
|
| 14 |
|
| «Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» — элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», — аьлла, дагадеара цунна. |
|
| 15 |
|
| И гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь, |
|
| 16 |
|
| тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало. |
|
| 17 |
|
| Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра. |
|
| 18 |
|
| Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?» |
|
| 19 |
|
| Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо». |
|
| 20 |
|
| Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо». |
|
| 21 |
|
| Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга. |
|
| 22 |
|
| Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела. |
|
| 23 |
|
| Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. |
|
| 24 |
|
| Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. |
|
| 25 |
|
| Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла. |
|
|
|
|