×

Делан Йозанаш 2012

Арадаккхар 26

1
«Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза.
2
ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза.
3
Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза.
4
Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а.
5
Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза.
6
Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.
7
Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза.
8
Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш.
9
Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе.
10
Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а.
11
Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду.
12
Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита.
13
Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.
14
Ши кхалор е четарна тӀехула лаца — цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.
15
Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна.
16
Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш.
17
ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш.
18
Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.
19
Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана — цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана — цуьнан шина зӀакарна.
20
Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.
21
Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш.
22
Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе.
23
Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе.
24
Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза.
25
Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш — хӀора гурана шишша бух.
26
Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна,
27
пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна.
28
Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза.
29
Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца.
30
Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.
31
Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза.
32
И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза.
33
Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю.
34
Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла.
35
Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.
36
Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу.
37
И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки