|
| 1 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 2 |
|
| «Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. |
|
| 3 |
|
| Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: |
|
| 4 |
|
| говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, |
|
| 5 |
|
| дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. |
|
| 6 |
|
| Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб велира Ас цунна гӀоьнна. ХӀора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тӀедиллинарг цаьрга кхочушдайта. |
|
| 7 |
|
| Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тӀорказ а, цу тӀе негӀар а, четаран берриг а гӀирс а, |
|
| 8 |
|
| стол а, цуьнан гӀирс а, цӀеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гӀирс а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, |
|
| 9 |
|
| дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, |
|
| 10 |
|
| динан дайн деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш), |
|
| 11 |
|
| къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогӀу сегӀаз а — дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара». |
|
| 12 |
|
| Везачу Эло Мусага элира: |
|
| 13 |
|
| «ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. |
|
| 14 |
|
| Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. |
|
| 15 |
|
| Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де — Везачу Элан дуьхьа дӀакъастош долу дуьззина садаӀаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. |
|
| 16 |
|
| Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоӀу де, шайн тӀаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. |
|
| 17 |
|
| Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна, хӀунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь Цо, Ша динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, садаьӀна“». |
|
| 18 |
|
| Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло. |
|
|
|
|