|
| 1 |
|
| Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду: |
|
| 2 |
|
| ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву. |
|
| 3 |
|
| Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае». |
|
| 4 |
|
| Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду: |
|
| 5 |
|
| шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а, |
|
| 6 |
|
| сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, |
|
| 7 |
|
| цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а, |
|
| 8 |
|
| къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, |
|
| 9 |
|
| оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а». |
|
| 10 |
|
| «Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза: |
|
| 11 |
|
| деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а, |
|
| 12 |
|
| бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а, |
|
| 13 |
|
| стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а, |
|
| 14 |
|
| четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а, |
|
| 15 |
|
| хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а, |
|
| 16 |
|
| дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, |
|
| 17 |
|
| кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а, |
|
| 18 |
|
| четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а, |
|
| 19 |
|
| Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)». |
|
| 20 |
|
| Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара. |
|
| 21 |
|
| Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара. |
|
| 22 |
|
| Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо — божарша а, зударша а — мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана. |
|
| 23 |
|
| Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара. |
|
| 24 |
|
| Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза. |
|
| 25 |
|
| Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара. |
|
| 26 |
|
| И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора. |
|
| 27 |
|
| Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара, |
|
| 28 |
|
| ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан. |
|
| 29 |
|
| Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара. |
|
| 30 |
|
| Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу. |
|
| 31 |
|
| Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. |
|
| 32 |
|
| Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, |
|
| 33 |
|
| деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а. |
|
| 34 |
|
| Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо. |
|
| 35 |
|
| Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а». |
|
|
|
|