|
| 1 |
|
| Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. |
|
| 2 |
|
| ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира |
|
| 3 |
|
| Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ — цхьана агӀор, важа шиъ — вукху агӀор. |
|
| 4 |
|
| Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо. |
|
| 5 |
|
| Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама. |
|
| 6 |
|
| ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. |
|
| 7 |
|
| Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала. |
|
| 8 |
|
| Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна. |
|
| 9 |
|
| Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш. |
|
| 10 |
|
| Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. |
|
| 11 |
|
| ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. |
|
| 12 |
|
| Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо. |
|
| 13 |
|
| Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо. |
|
| 14 |
|
| Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера. |
|
| 15 |
|
| Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш. |
|
| 16 |
|
| Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. |
|
| 17 |
|
| ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера. |
|
| 18 |
|
| Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор. |
|
| 19 |
|
| Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш. |
|
| 20 |
|
| Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара. |
|
| 21 |
|
| Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра. |
|
| 22 |
|
| Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра. |
|
| 23 |
|
| ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала. |
|
| 24 |
|
| Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт цӀена деши дара. |
|
| 25 |
|
| Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш. |
|
| 26 |
|
| Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна. |
|
| 27 |
|
| Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа. |
|
| 28 |
|
| Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш. |
|
| 29 |
|
| Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна. |
|
|
|
|