|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. |
|
| 2 |
|
| Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира. |
|
| 3 |
|
| Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра. |
|
| 4 |
|
| ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш. |
|
| 5 |
|
| Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира. |
|
| 6 |
|
| Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш. |
|
| 7 |
|
| Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш. |
|
| 8 |
|
| Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо. |
|
| 9 |
|
| Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира. |
|
| 10 |
|
| Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. |
|
| 11 |
|
| Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. |
|
| 12 |
|
| Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. |
|
| 13 |
|
| Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра. |
|
| 14 |
|
| Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара. |
|
| 15 |
|
| Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира. |
|
| 16 |
|
| Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра. |
|
| 17 |
|
| БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара. |
|
| 18 |
|
| Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш. |
|
| 19 |
|
| Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара. |
|
| 20 |
|
| Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара. |
|
| 21 |
|
| ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх. |
|
| 22 |
|
| Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. |
|
| 23 |
|
| Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара. |
|
| 24 |
|
| Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара, деза шекхал олучу барамехь оьзна. |
|
| 25 |
|
| Багарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара. |
|
| 26 |
|
| Багарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. |
|
| 27 |
|
| БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира. |
|
| 28 |
|
| Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира. |
|
| 29 |
|
| СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а дара. |
|
| 30 |
|
| Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира. |
|
| 31 |
|
| Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира. |
|
|
|
|