×

Делан Йозанаш 2012

Арадаккхар 5

1
Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“».
2
Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац».
3
Цу шиммо элира: «Ӏебархойн Дала тӀекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дӀадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагӀа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хӀаллак ца дайта».
4
ПирӀуно элира цаьрга: «Муса, АхӀарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДӀа а гӀой, шайн гӀуллакх де».
5
Кхин а элира цо: «ХӀокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш».
6
Оццу дийнахь исраилхошна тӀехӀиттийна болчу нахе пирӀуно омра дира:
7
«ХӀинца чул тӀаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча.
8
Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, — бохуш.
9
Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».
10
ТӀехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирӀуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху.
11
Даха а гӀой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».
12
Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой.
13
ТӀехӀиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хӀора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга.
14
ПирӀунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хӀунда ца йо аша?» — бохуш.
15
Оцу исраилхоша, пирӀунна тӀе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хӀунда бойту ахь?
16
Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТӀехӀиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду».
17
Амма пирӀуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагӀа даккха гӀур ду тхо“.
18
ДӀа а гӀой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».
19
«ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», — бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна.
20
ПирӀун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхӀарон а гира царна.
21
Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта».
22
Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти?
23
ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки