|
| 1 |
|
| ХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду. |
|
| 2 |
|
| Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а. |
|
| 3 |
|
| Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама. |
|
| 4 |
|
| Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а. |
|
| 5 |
|
| Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла. |
|
| 6 |
|
| ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а. |
|
| 7 |
|
| Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. |
|
| 8 |
|
| ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта, |
|
| 9 |
|
| хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду. |
|
| 10 |
|
| Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло. |
|
| 11 |
|
| Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай. |
|
| 12 |
|
| Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш. |
|
| 13 |
|
| Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш. |
|
| 14 |
|
| Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай». |
|
| 15 |
|
| Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь, |
|
| 16 |
|
| хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу. |
|
| 17 |
|
| Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду — |
|
| 18 |
|
| амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара! |
|
| 19 |
|
| Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву. |
|
| 20 |
|
| КӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу, |
|
| 21 |
|
| адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо: |
|
| 22 |
|
| «Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш? |
|
| 23 |
|
| ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду. |
|
| 24 |
|
| Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара. |
|
| 25 |
|
| Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира. |
|
| 26 |
|
| Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича — |
|
| 27 |
|
| шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича. |
|
| 28 |
|
| ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, |
|
| 29 |
|
| шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а, |
|
| 30 |
|
| иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш. |
|
| 31 |
|
| И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш. |
|
| 32 |
|
| Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна. |
|
| 33 |
|
| Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш». |
|
|
|
|