|
| 1 |
|
| ХӀорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо. |
|
| 2 |
|
| Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху. |
|
| 3 |
|
| Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту. |
|
| 4 |
|
| Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо. |
|
| 5 |
|
| Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву. |
|
| 6 |
|
| Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. |
|
| 7 |
|
| Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю. |
|
| 8 |
|
| Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. |
|
| 9 |
|
| Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву. |
|
| 10 |
|
| Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. |
|
| 11 |
|
| Хьаналчу стеган дешнаш — дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. |
|
| 12 |
|
| Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо. |
|
| 13 |
|
| Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду. |
|
| 14 |
|
| Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо. |
|
| 15 |
|
| Хьалдолчун бахам — цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду. |
|
| 16 |
|
| Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу. |
|
| 17 |
|
| Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела. |
|
| 18 |
|
| Шен цабезам къайлабохуш верг — аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву. |
|
| 19 |
|
| Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву. |
|
| 20 |
|
| Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду. |
|
| 21 |
|
| Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна. |
|
| 22 |
|
| Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху. |
|
| 23 |
|
| Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь. |
|
| 24 |
|
| Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. |
|
| 25 |
|
| ШайтӀанан мох хьаькхча — Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу. |
|
| 26 |
|
| Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна. |
|
| 27 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду. |
|
| 28 |
|
| Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц. |
|
| 29 |
|
| Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу. |
|
| 30 |
|
| Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац. |
|
| 31 |
|
| Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду. |
|
| 32 |
|
| Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа. |
|
|
|
|