|
| 1 |
|
| Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду. |
|
| 2 |
|
| Куралла йоьссича — юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу. |
|
| 3 |
|
| Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо. |
|
| 4 |
|
| Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 5 |
|
| ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту. |
|
| 6 |
|
| Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву. |
|
| 7 |
|
| Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу. |
|
| 8 |
|
| Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу. |
|
| 9 |
|
| Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху. |
|
| 10 |
|
| Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу. |
|
| 11 |
|
| Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху. |
|
| 12 |
|
| Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо. |
|
| 13 |
|
| Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо. |
|
| 14 |
|
| Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху. |
|
| 15 |
|
| Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац. |
|
| 16 |
|
| Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо. |
|
| 17 |
|
| Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво. |
|
| 18 |
|
| Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта. |
|
| 19 |
|
| Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху. |
|
| 20 |
|
| Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах. |
|
| 21 |
|
| Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю. |
|
| 22 |
|
| Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда. |
|
| 23 |
|
| Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа. |
|
| 24 |
|
| Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо. |
|
| 25 |
|
| Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду. |
|
| 26 |
|
| Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг. |
|
| 27 |
|
| Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу. |
|
| 28 |
|
| Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву. |
|
| 29 |
|
| Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву. |
|
| 30 |
|
| Делан лаамехь болчара кхиориг — дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо. |
|
| 31 |
|
| Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду. |
|
|
|
|