|
| 1 |
|
| Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тӀехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву. |
|
| 2 |
|
| Дика стаг Везачу Эло ша декъалвар лохуш хуьлу, амма мекарчу стагана Цо кхел йийр ю. |
|
| 3 |
|
| Ӏесалло стаг чӀагӀвийр вац, амма Делан лаамехь волчун бух меттахбер бац. |
|
| 4 |
|
| Дика зуда шен майрачунна таж санна хуьлу, ткъа шен майра юьхьӀаьржачу хӀоттош ерг — цуьнан даьӀахкаш чохь телхина хӀума санна ю. |
|
| 5 |
|
| Дикачу нехан ойланаш нийса хуьлу, ткъа Ӏесачу нехан Ӏалашонаш ямарта хуьлу. |
|
| 6 |
|
| Ӏесачу наха бохург — цӀий Ӏано йина кӀело ю, ткъа бакъахьа лелачара олучо уьш кӀелхьарбоху. |
|
| 7 |
|
| Ӏесачу нахана тӀе бохам беанчул тӀаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цӀа чӀогӀа лаьттар ду. |
|
| 8 |
|
| Стеган хьекъале хьаьжжина, иза хаста а во, амма ямарта дог долу стаг нахана ца веза. |
|
| 9 |
|
| Дагахь хӀума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чӀогӀа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хӀума доцуш волчу стагал. |
|
| 10 |
|
| Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Ӏесачу нехан доглазам а къиза бу. |
|
| 11 |
|
| Шен лаьтта тӀехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хӀуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву. |
|
| 12 |
|
| Ӏеса стаг хьоьгург вонаш лелочеран хӀонс ю, ткъа дикачу нехан орамо стом ло. |
|
| 13 |
|
| Шен харцдешнашца вочу стага шена кӀело йо, ткъа дика стаг баланех кӀелхьарвер ву. |
|
| 14 |
|
| Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггӀу ял а лур ю цунна. |
|
| 15 |
|
| Сонтачу стагана шен некъ дика хета, ткъа хьекъал долчу стага кхечеран хьехамашка ладугӀу. |
|
| 16 |
|
| Сонтачу стеган оьгӀазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху. |
|
| 17 |
|
| Тешамечу тешо бакъдерг олу, амма харц луьйш волчу стага бохург бакъ дац. |
|
| 18 |
|
| Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до. |
|
| 19 |
|
| Бакъдолу дешнаш гуттаренна а хуьлу, ткъа харцдерг йоццачу ханна бен дац. |
|
| 20 |
|
| Вониг дан ойла ечеран дегнашкахь мекарло хуьлу, ткъа машар бан гӀерташ болчарна синкъерам хир бу. |
|
| 21 |
|
| Дикачу адамашна тӀе цхьа а бохам богӀур бац, ткъа Ӏеса нах вочу хӀуманех тӀехбуьзна хир бу. |
|
| 22 |
|
| Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву. |
|
| 23 |
|
| Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гӀерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху. |
|
| 24 |
|
| Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву. |
|
| 25 |
|
| Сингаттамо адаман дог таӀадо, ткъа дикачу дашо иза самукъане до. |
|
| 26 |
|
| Дикачу стагана шена уллорачунна чул дика хир ду, ткъа Ӏеса стаг тилаво шен некъо. |
|
| 27 |
|
| Малончо шен ижу ца йотту, ткъа дукха къахьоьгуш волчунна шен бахам беза бу. |
|
| 28 |
|
| Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц. |
|
|
|
|