|
| 1 |
|
| Хьекъалечу кӀанта шен дас ша нисваран дикка тергам бо, ткъа кхаьрдаш волчо шена бечу тӀехбеттаме ла ца дугӀу. |
|
| 2 |
|
| Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу. |
|
| 3 |
|
| Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тӀе зулам догӀур ду. |
|
| 4 |
|
| Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу. |
|
| 5 |
|
| Дикачу стагана харцонаш ца еза, ткъа Ӏесачу стага шена тӀе юьхьӀаьржо а, эхь а доуьйту. |
|
| 6 |
|
| Нийса леларо догцӀена стаг шен некъа тӀехь ларво, ткъа Ӏесалло къинош летош верг хӀаллакво. |
|
| 7 |
|
| Цхьаболчу наха, шайн долахь хӀумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а. |
|
| 8 |
|
| Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац. |
|
| 9 |
|
| Дикачу нехан серло синкъераме йогу, ткъа вочу нехан чиркх байина хир бу. |
|
| 10 |
|
| Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу. |
|
| 11 |
|
| Букъ а ца лозуш доккхург дог а ца лозуш дӀадолу, ткъа къахьегарца жим-жима гулдина хьал дебар ду. |
|
| 12 |
|
| Сатийсам кхочушхила хьебелча, дог гӀайгӀане хуьлу, ткъа хьан сатийсам кхочушхилча, иза дахаран дитт санна денло. |
|
| 13 |
|
| Шена бина хьехам дӀатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю. |
|
| 14 |
|
| Хьекъалалла долчун хьехамаш дахаран шовда ду, цара адамна гӀо дийр ду Ӏожаллин гурана генавала. |
|
| 15 |
|
| Хьекъал долчу стагаца нехан ларам хуьлу, ткъа тешаме боцучеран некъ хала бу. |
|
| 16 |
|
| Хьекъал долчо, ша цхьа хӀума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дӀагойту. |
|
| 17 |
|
| Геланча тешаме вацахь, цунах зулам долу, амма тешаме волчо машар бахьа. |
|
| 18 |
|
| ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду. |
|
| 19 |
|
| Лаам кхочушхилча, сакъерало. Вочу хӀуманах дӀакъастар сонтачунна дегаза хета. |
|
| 20 |
|
| Хьекъал долчаьрца юкъаметтиг лелош верг хьекъал долуш хир ву, амма сонтачаьрца гергарло лелош волчо шена тӀе бала бахьа. |
|
| 21 |
|
| Къинош леточарна вон тӀаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду. |
|
| 22 |
|
| Дика стаг веллачул тӀаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Ӏалашдеш ду. |
|
| 23 |
|
| Ур-атталла къечу стеган ахаза долчу лаьтто алссам ялта делча а, нийса ца леларо цуьнан хьал дӀадоккху. |
|
| 24 |
|
| Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво. |
|
| 25 |
|
| Дикачу стага Ӏаббалц яа хӀума юур ю, ткъа Ӏесачу нехан кийрахь мацалла лаьттар ю. |
|
|
|
|