|
| 1 |
|
| Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо. |
|
| 2 |
|
| Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета. |
|
| 3 |
|
| Сонтачу стага бохург — шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво. |
|
| 4 |
|
| Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду. |
|
| 5 |
|
| Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту. |
|
| 6 |
|
| Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо. |
|
| 7 |
|
| Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна. |
|
| 8 |
|
| Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла — Ӏехор ю. |
|
| 9 |
|
| Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду. |
|
| 10 |
|
| Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац. |
|
| 11 |
|
| Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду. |
|
| 12 |
|
| Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу. |
|
| 13 |
|
| Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу. |
|
| 14 |
|
| Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду. |
|
| 15 |
|
| Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу. |
|
| 16 |
|
| Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела. |
|
| 17 |
|
| Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза. |
|
| 18 |
|
| Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу. |
|
| 19 |
|
| Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду. |
|
| 20 |
|
| Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу. |
|
| 21 |
|
| Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву. |
|
| 22 |
|
| Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву. |
|
| 23 |
|
| Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу. |
|
| 24 |
|
| Хьекъале волчун таж — хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу. |
|
| 25 |
|
| Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво. |
|
| 26 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю. |
|
| 27 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво. |
|
| 28 |
|
| Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю. |
|
| 29 |
|
| Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту. |
|
| 30 |
|
| Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо. |
|
| 31 |
|
| Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву. |
|
| 32 |
|
| Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю. |
|
| 33 |
|
| Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту. |
|
| 34 |
|
| Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю. |
|
| 35 |
|
| Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу. |
|
|
|
|