|
| 1 |
|
| Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху. |
|
| 2 |
|
| Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу. |
|
| 3 |
|
| Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. |
|
| 4 |
|
| Дарбане мотт — дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо. |
|
| 5 |
|
| Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву. |
|
| 6 |
|
| Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа. |
|
| 7 |
|
| Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц. |
|
| 8 |
|
| Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу. |
|
| 9 |
|
| Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза. |
|
| 10 |
|
| Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву. |
|
| 11 |
|
| Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. |
|
| 12 |
|
| Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза. |
|
| 13 |
|
| Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу. |
|
| 14 |
|
| Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу. |
|
| 15 |
|
| Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта. |
|
| 16 |
|
| КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул. |
|
| 17 |
|
| Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул. |
|
| 18 |
|
| КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо. |
|
| 19 |
|
| Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу. |
|
| 20 |
|
| Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела. |
|
| 21 |
|
| Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела. |
|
| 22 |
|
| Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду. |
|
| 23 |
|
| Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а! |
|
| 24 |
|
| Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама. |
|
| 25 |
|
| Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо. |
|
| 26 |
|
| Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду. |
|
| 27 |
|
| Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву. |
|
| 28 |
|
| Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу. |
|
| 29 |
|
| Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду. |
|
| 30 |
|
| Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо. |
|
| 31 |
|
| Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю. |
|
| 32 |
|
| Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо. |
|
| 33 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу. |
|
|
|
|