|
| 1 |
|
| Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду. |
|
| 2 |
|
| Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту. |
|
| 3 |
|
| Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду. |
|
| 4 |
|
| Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу. |
|
| 5 |
|
| Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг — шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш. |
|
| 6 |
|
| Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу. |
|
| 7 |
|
| Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо. |
|
| 8 |
|
| Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал. |
|
| 9 |
|
| Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху. |
|
| 10 |
|
| Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу. |
|
| 11 |
|
| Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а — Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а. |
|
| 12 |
|
| Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду. |
|
| 13 |
|
| ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара. |
|
| 14 |
|
| Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву. |
|
| 15 |
|
| Паччахьан сирлачу хьажарехь — дахар ду, цуьнан дика хилар — бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду. |
|
| 16 |
|
| Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду. |
|
| 17 |
|
| Дикачу нехан некъ — вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо. |
|
| 18 |
|
| Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту. |
|
| 19 |
|
| Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул. |
|
| 20 |
|
| Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву. |
|
| 21 |
|
| Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу. |
|
| 22 |
|
| Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до. |
|
| 23 |
|
| Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу. |
|
| 24 |
|
| Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду. |
|
| 25 |
|
| Стагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу. |
|
| 26 |
|
| ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту. |
|
| 27 |
|
| Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду. |
|
| 28 |
|
| Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу. |
|
| 29 |
|
| Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу. |
|
| 30 |
|
| БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина. |
|
| 31 |
|
| Къежвалар — сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза. |
|
| 32 |
|
| Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу. |
|
| 33 |
|
| Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю. |
|
|
|
|