|
| 1 |
|
| Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал — иза-м сонтаниг ма ву. |
|
| 2 |
|
| ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу. |
|
| 3 |
|
| Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево. |
|
| 4 |
|
| Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту. |
|
| 5 |
|
| Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац. |
|
| 6 |
|
| Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу. |
|
| 7 |
|
| Къен стаг шен гергарчарна ца веза — цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац. |
|
| 8 |
|
| Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву. |
|
| 9 |
|
| Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву. |
|
| 10 |
|
| Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу. |
|
| 11 |
|
| Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до. |
|
| 12 |
|
| Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар — бацана тӀе диллина тхи санна ду. |
|
| 13 |
|
| Сонта кӀант — шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда — ца соцу ладар санна ю. |
|
| 14 |
|
| Стеган хӀусам а, бахам а — дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю. |
|
| 15 |
|
| Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво. |
|
| 16 |
|
| Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву. |
|
| 17 |
|
| Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду. |
|
| 18 |
|
| ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо. |
|
| 19 |
|
| Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан. |
|
| 20 |
|
| Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву. |
|
| 21 |
|
| Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац. |
|
| 22 |
|
| Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал. |
|
| 23 |
|
| Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац. |
|
| 24 |
|
| Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо. |
|
| 25 |
|
| Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу. |
|
| 26 |
|
| Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву. |
|
| 27 |
|
| Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу. |
|
| 28 |
|
| Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу. |
|
| 29 |
|
| Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю. |
|
|
|
|