|
| 1 |
|
| ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. |
|
| 2 |
|
| Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту. |
|
| 3 |
|
| Къовсаваларх ларвалар — лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву. |
|
| 4 |
|
| Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац. |
|
| 5 |
|
| Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало. |
|
| 6 |
|
| Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду. |
|
| 7 |
|
| Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду! |
|
| 8 |
|
| Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу. |
|
| 9 |
|
| Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»? |
|
| 10 |
|
| Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а — ший а Везачу Элана дегаза хета. |
|
| 11 |
|
| Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула — цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула. |
|
| 12 |
|
| ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а — ший а Везачу Эло кхоьллина ду. |
|
| 13 |
|
| Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза. |
|
| 14 |
|
| Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до. |
|
| 15 |
|
| Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду. |
|
| 16 |
|
| Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча. |
|
| 17 |
|
| Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту. |
|
| 18 |
|
| Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила. |
|
| 19 |
|
| Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила. |
|
| 20 |
|
| Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю. |
|
| 21 |
|
| Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац. |
|
| 22 |
|
| «Ас бекхам бийр бу вон диначунна», — ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 23 |
|
| Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь. |
|
| 24 |
|
| Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара? |
|
| 25 |
|
| Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю. |
|
| 26 |
|
| Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю. |
|
| 27 |
|
| Стеган са — Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло. |
|
| 28 |
|
| Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо. |
|
| 29 |
|
| Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов. |
|
| 30 |
|
| Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо. |
|
|
|
|