|
| 1 |
|
| Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза. |
|
| 2 |
|
| Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву. |
|
| 3 |
|
| Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул. |
|
| 4 |
|
| Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а — Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду. |
|
| 5 |
|
| Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо. |
|
| 6 |
|
| Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду. |
|
| 7 |
|
| Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа. |
|
| 8 |
|
| Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу. |
|
| 9 |
|
| Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул. |
|
| 10 |
|
| Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо. |
|
| 11 |
|
| Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду. |
|
| 12 |
|
| Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах. |
|
| 13 |
|
| Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац. |
|
| 14 |
|
| Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху. |
|
| 15 |
|
| Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту. |
|
| 16 |
|
| Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву. |
|
| 17 |
|
| Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац. |
|
| 18 |
|
| Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу. |
|
| 19 |
|
| Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул. |
|
| 20 |
|
| Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху. |
|
| 21 |
|
| Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду. |
|
| 22 |
|
| Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало. |
|
| 23 |
|
| Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 24 |
|
| Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг. |
|
| 25 |
|
| Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу. |
|
| 26 |
|
| Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало. |
|
| 27 |
|
| Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча — муххале а ца деза. |
|
| 28 |
|
| Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду. |
|
| 29 |
|
| Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо. |
|
| 30 |
|
| Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал. |
|
| 31 |
|
| ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу. |
|
|
|
|