|
| 1 |
|
| Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа. |
|
| 2 |
|
| Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу. |
|
| 3 |
|
| ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла, |
|
| 4 |
|
| хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех. |
|
| 5 |
|
| Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу. |
|
| 6 |
|
| ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу. |
|
| 7 |
|
| Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу. |
|
| 8 |
|
| Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю. |
|
| 9 |
|
| Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана. |
|
| 10 |
|
| Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу. |
|
| 11 |
|
| Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха! |
|
| 12 |
|
| «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», — ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо |
|
| 13 |
|
| Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана. |
|
| 14 |
|
| Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна — иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц. |
|
| 15 |
|
| Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае. |
|
| 16 |
|
| Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш — бохамаша охьаэгор бу. |
|
| 17 |
|
| Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь. |
|
| 18 |
|
| Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна. |
|
| 19 |
|
| Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега, |
|
| 20 |
|
| хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу. |
|
| 21 |
|
| Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета, |
|
| 22 |
|
| хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа. |
|
| 23 |
|
| Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац. |
|
| 24 |
|
| Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», — кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву. |
|
| 25 |
|
| Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву. |
|
| 26 |
|
| ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву. |
|
| 27 |
|
| Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало. |
|
| 28 |
|
| Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта. |
|
| 29 |
|
| Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса». |
|
| 30 |
|
| Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира. |
|
| 31 |
|
| Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра. |
|
| 32 |
|
| Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна: |
|
| 33 |
|
| «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, — боху малончо, — жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». |
|
| 34 |
|
| Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна. |
|
|
|
|