|
| 1 |
|
| Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догӀу догӀа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар. |
|
| 2 |
|
| Хьоза дӀасаэккхар санна а, чӀегӀардиг дӀасаэхар санна а, иштта бахьана доцуш боьллина болу сардам, тӀех а баьлла, кхочушхир бац. |
|
| 3 |
|
| Шад — говрана, дуьрста — вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу. |
|
| 4 |
|
| Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама. |
|
| 5 |
|
| Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бӀаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама. |
|
| 6 |
|
| Сонтачуьнгахула хабар дохьуьйтуш верг шен когех дӀахедаш я дӀовш молуш верг санна ву. |
|
| 7 |
|
| Хьекъал доцучун багара долу кица, астагӀчун когаш санна, ледара ду. |
|
| 8 |
|
| Сонтачун сий дар ширдолагца тӀулг дӀабехкар санна ду. |
|
| 9 |
|
| Сонтачун багара долу кица, мелла волчу стеган куьйгах дахана кӀохцал санна, жима хуьлу. |
|
| 10 |
|
| Массарна а чевнаш еш, пхерчий кхуьссург санна ву, сонтаниг я мила ву а ца хууш волу стаг шена болх байта лоцуш верг. |
|
| 11 |
|
| Шен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта. |
|
| 12 |
|
| Ша хьекъал долуш вацахь а, ша иштта хеташ верг сонтачу стагал а оьшу. |
|
| 13 |
|
| Малончо олу: «Некъа тӀехь лом ду! Экха ду урамнекъашкахула лелаш!» |
|
| 14 |
|
| Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш. |
|
| 15 |
|
| Малончо шен куьг бошхепа тӀе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кӀадло. |
|
| 16 |
|
| Кхетамца къамелаш дечу ворхӀаннал а ша хьекъале хета малончина. |
|
| 17 |
|
| Шен гӀуллакх доцучу нехан девнна юккъе гӀортар тӀехдолучу жӀаьлин лергаш озор санна ду. |
|
| 18 |
|
| Хьераваьллачо нах хӀаллакбеш кхуьссуш долу а, догуш долу а пхерчий кхийсар санна хӀума ду, |
|
| 19 |
|
| шена уллораниг Ӏеха а вина, цуьнга: «Ас бегаш бира!» алар. |
|
| 20 |
|
| Дечиг дӀадаьлча, цӀе а дӀайов, эладита чекхдаьлча, дов а дӀадолу. |
|
| 21 |
|
| КӀегашна тӀера йовхо хьалайолу, дечигах — цӀе хьалайолу, ткъа къиссавалар дезаш волчун хабар бахьана долуш дов долу. |
|
| 22 |
|
| Лере аьлла дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу. |
|
| 23 |
|
| Дато басахь долу басар хьаькхначу поппаран кхабанах тера ву вон дог долу эсала къамелаш дийриг. |
|
| 24 |
|
| Хьо ца везаш волчу стага хесторан къамелаш дахь а, шен дагахь цо тешнабехк латтабо. |
|
| 25 |
|
| Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хӀунда аьлча цуьнан дог тӀех дегазаллах дуьзна ду. |
|
| 26 |
|
| Шен цабезам иза Ӏехорца дӀалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю. |
|
| 27 |
|
| Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу. |
|
| 28 |
|
| Харцматтаца дуьйцучунна ша лазабо нах ца беза, иштта томана дуьйцучо а бохам бо. |
|
|
|
|