|
| 1 |
|
| Ӏеса стаг ведда лела, шена тӀаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу. |
|
| 2 |
|
| Махкахь адам карзахдаьлла лелачу хенахь, дуккха а куьйгалхой гучубовлу, амма хьекъалалла а, кхетам а болчу куьйгалхочуьнца и мохк лаьттар бу. |
|
| 3 |
|
| Миска нах хьийзош волу къен куьйгалхо тӀехь хӀума хьалаяьлла долу латта дӀахьош долу догӀа санна ву. |
|
| 4 |
|
| Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву. |
|
| 5 |
|
| Вон нах нийса долчух ца кхета, амма Веза Эла лохуш берш цу дерригенах а кхета. |
|
| 6 |
|
| Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел. |
|
| 7 |
|
| Хьекъал долчу кӀанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кӀадбоцучарна улло гӀерташ волчо шен да юьхьӀаьржачу хӀиттаво. |
|
| 8 |
|
| Ахчанна тӀе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дӀакхочур ду. |
|
| 9 |
|
| Товрат-хьехаме ладогӀа хьан лаам ца хилахь, хьан доӀа а Везачу Элана дегаза хетар ду. |
|
| 10 |
|
| ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду. |
|
| 11 |
|
| Хьалдолчунна ша хьекъалалла долуш ву аьлла хета, амма хьекъал долу къениг цунах доллучух кхетар ву. |
|
| 12 |
|
| Хьанал стаг куьйгалле веача, массо а воккхавеш хуьлу, амма Ӏесаниг хьалаваьлча, массо а къайлаволу. |
|
| 13 |
|
| Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу. |
|
| 14 |
|
| Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тӀе бала бахьар бу. |
|
| 15 |
|
| Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу. |
|
| 16 |
|
| Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву. |
|
| 17 |
|
| ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла. |
|
| 18 |
|
| Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву. |
|
| 19 |
|
| Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю. |
|
| 20 |
|
| Бакъволчу стагана диканиг дийр ду, ткъа хьолана тӀаьхьаваьлла лелаш волчунна бекхам хир бу. |
|
| 21 |
|
| Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло. |
|
| 22 |
|
| Сутарчу стеган Ӏалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю. |
|
| 23 |
|
| Стагера даьлла гӀалат цуьнга дӀадийцинарг тӀаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал. |
|
| 24 |
|
| Цхьаболчара дений, нанний къола до: «Иза къилахь дац», — бохуш. И нах, адамаш дойу зуламхой санна, вон нах бу. |
|
| 25 |
|
| Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тӀетевжачо дика хьоьгу. |
|
| 26 |
|
| Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 27 |
|
| Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо. |
|
| 28 |
|
| Ӏеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хӀаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу. |
|
|
|
|