|
| 1 |
|
| Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву. |
|
| 2 |
|
| Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу. |
|
| 3 |
|
| Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо. |
|
| 4 |
|
| Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо. |
|
| 5 |
|
| Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу. |
|
| 6 |
|
| Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву. |
|
| 7 |
|
| Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо. |
|
| 8 |
|
| Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо. |
|
| 9 |
|
| Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац. |
|
| 10 |
|
| Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу. |
|
| 11 |
|
| Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу. |
|
| 12 |
|
| Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта. |
|
| 13 |
|
| Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву — цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла. |
|
| 14 |
|
| Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду. |
|
| 15 |
|
| ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю. |
|
| 16 |
|
| Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду. |
|
| 17 |
|
| ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо. |
|
| 18 |
|
| Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург. |
|
| 19 |
|
| Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до. |
|
| 20 |
|
| Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул. |
|
| 21 |
|
| Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву. |
|
| 22 |
|
| ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до. |
|
| 23 |
|
| Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. |
|
| 24 |
|
| Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза. |
|
| 25 |
|
| Адамех кхерар — стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 26 |
|
| Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду. |
|
| 27 |
|
| Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша. |
|
|
|
|