|
| 1 |
|
| Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде, |
|
| 2 |
|
| хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду. |
|
| 3 |
|
| Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде. |
|
| 4 |
|
| ТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву. |
|
| 5 |
|
| Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила. |
|
| 6 |
|
| Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду. |
|
| 7 |
|
| Хьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. |
|
| 8 |
|
| Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу. |
|
| 9 |
|
| Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан. |
|
| 10 |
|
| ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду. |
|
| 11 |
|
| Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де, |
|
| 12 |
|
| хӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра. |
|
| 13 |
|
| Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг. |
|
| 14 |
|
| ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу. |
|
| 15 |
|
| Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац. |
|
| 16 |
|
| Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь — бахам а, сийлалла а ду. |
|
| 17 |
|
| Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду. |
|
| 18 |
|
| Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву. |
|
| 19 |
|
| Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна, ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо. |
|
| 20 |
|
| Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна, мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина. |
|
| 21 |
|
| Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта. |
|
| 22 |
|
| Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду. |
|
| 23 |
|
| ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац. |
|
| 24 |
|
| Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа. |
|
| 25 |
|
| Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча, |
|
| 26 |
|
| хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу. |
|
| 27 |
|
| Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь. |
|
| 28 |
|
| Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь. |
|
| 29 |
|
| Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь. |
|
| 30 |
|
| Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь. |
|
| 31 |
|
| Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа, |
|
| 32 |
|
| хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн. |
|
| 33 |
|
| Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо. |
|
| 34 |
|
| Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо. |
|
| 35 |
|
| Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна — юьхьӀаьржо. |
|
|
|
|