|
| 1 |
|
| ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш: |
|
| 2 |
|
| «Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант! |
|
| 3 |
|
| Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь. |
|
| 4 |
|
| Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар. |
|
| 5 |
|
| ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц. |
|
| 6 |
|
| Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало. |
|
| 7 |
|
| ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а. |
|
| 8 |
|
| Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь. |
|
| 9 |
|
| Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь». |
|
| 10 |
|
| А тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу. |
|
| 11 |
|
| Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна. |
|
| 12 |
|
| В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна. |
|
| 13 |
|
| Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш. |
|
| 14 |
|
| Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа. |
|
| 15 |
|
| Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до. |
|
| 16 |
|
| З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо. |
|
| 17 |
|
| И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан. |
|
| 18 |
|
| К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна. |
|
| 19 |
|
| Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу. |
|
| 20 |
|
| М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо. |
|
| 21 |
|
| Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда. |
|
| 22 |
|
| О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш. |
|
| 23 |
|
| П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь. |
|
| 24 |
|
| Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна. |
|
| 25 |
|
| С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга. |
|
| 26 |
|
| Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна. |
|
| 27 |
|
| У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан. |
|
| 28 |
|
| «Х ьо декъалниг ю», — олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза. |
|
| 29 |
|
| Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц». |
|
| 30 |
|
| Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а — сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда. |
|
| 31 |
|
| Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан. |
|
|
|
|