|
| 1 |
|
| ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама, |
|
| 2 |
|
| хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш. |
|
| 3 |
|
| Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь, |
|
| 4 |
|
| сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха. |
|
| 5 |
|
| Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала. |
|
| 6 |
|
| Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна. |
|
| 7 |
|
| Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь — хьекъал каро гӀорта. |
|
| 8 |
|
| Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду. |
|
| 9 |
|
| Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду». |
|
| 10 |
|
| ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду. |
|
| 11 |
|
| Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо. |
|
| 12 |
|
| ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац. |
|
| 13 |
|
| Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса — цаьрца ду хьан дахар. |
|
| 14 |
|
| Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло. |
|
| 15 |
|
| Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала. |
|
| 16 |
|
| Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц. |
|
| 17 |
|
| Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу. |
|
| 18 |
|
| Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ. |
|
| 19 |
|
| Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна. |
|
| 20 |
|
| Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа. |
|
| 21 |
|
| Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш, |
|
| 22 |
|
| хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду. |
|
| 23 |
|
| Уггар а коьртаниг — хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду. |
|
| 24 |
|
| Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта. |
|
| 25 |
|
| Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла. |
|
| 26 |
|
| Хьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду. |
|
| 27 |
|
| Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло. |
|
|
|
|