|
| 1 |
|
| Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме. |
|
| 2 |
|
| ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду. |
|
| 3 |
|
| Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу, |
|
| 4 |
|
| амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. |
|
| 5 |
|
| Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу. |
|
| 6 |
|
| Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до. |
|
| 7 |
|
| Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала. |
|
| 8 |
|
| Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта, |
|
| 9 |
|
| хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а. |
|
| 10 |
|
| Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду. |
|
| 11 |
|
| Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду — хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа. |
|
| 12 |
|
| ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура! |
|
| 13 |
|
| Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура. |
|
| 14 |
|
| Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!» |
|
| 15 |
|
| Хьайн гӀу чуьра мала хи — хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи. |
|
| 16 |
|
| Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те? |
|
| 17 |
|
| И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш. |
|
| 18 |
|
| Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа. |
|
| 19 |
|
| Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим. |
|
| 20 |
|
| Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара? |
|
| 21 |
|
| Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. |
|
| 22 |
|
| Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво. |
|
| 23 |
|
| Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву. |
|
|
|
|