|
| 1 |
|
| Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь, |
|
| 2 |
|
| ахьа хьайн дешнех хьайна гур боьгӀнехь, ахьа-айхьа аьллачо хьо дӀалаьцнехь, |
|
| 3 |
|
| хьо мукъавалархьама хӀара де, сан кӀант, хьайн уллорачун кара хьо вахана дела. Ваха а гӀой, хьо юьхьӀаьржачу хӀотта, айхьа дош делла волчу стаге дехар де, хьо цу дашах мукъаваккха алий. |
|
| 4 |
|
| Хьайн бӀаьргашка наб а ма яйта, цаьрга са а ма даӀийта. |
|
| 5 |
|
| Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дӀакъахка. РечӀанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кӀелхьарвала. |
|
| 6 |
|
| Зингат долчу гӀо, малонча, цо деш долчуьнга а хьажий, хьекъалалла долуш хила. |
|
| 7 |
|
| Цуьнан я хьаькам а вац, я хьалхаваьлла лелаш верг а вац, я олахо а вац, |
|
| 8 |
|
| амма аьхка цо шена рицкъа Ӏалашдо, ялта чудерзочу хенахь цо шена кхача гулбо. |
|
| 9 |
|
| Мел Ӏуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина? |
|
| 10 |
|
| «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, — боху малончо, — жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». |
|
| 11 |
|
| Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна. |
|
| 12 |
|
| Мекара хӀилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела. |
|
| 13 |
|
| Цо бӀаьргаш а теӀабо, хичаш а йо, куьйган эшарехь къамел а до, нах лебан гӀерташ. |
|
| 14 |
|
| Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош. |
|
| 15 |
|
| Амма цӀеххьана цунна тӀе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чӀогӀа кӀелвуьсур ву иза. |
|
| 16 |
|
| Везачу Элана ца дезаш ялх хӀума ду, аьлча а, ворхӀ ду Цунна дегаза хетарг: |
|
| 17 |
|
| кура бӀаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цӀий Ӏенош долу куьйгаш а, |
|
| 18 |
|
| шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хӀуманна тӀебовда кийча болу когаш а, |
|
| 19 |
|
| кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а, вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а. |
|
| 20 |
|
| Сан кӀант! Хьайн ден весеташ ларде, ненан хьехамаш дӀа а ма татта. |
|
| 21 |
|
| Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде. |
|
| 22 |
|
| Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу. |
|
| 23 |
|
| Хьан ден-ненан весеташ — хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТӀехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо. |
|
| 24 |
|
| Церан хьехамаша хьо, нахаца лелаш йолу зуда йолчу воьдуш, сацаво, шен майра а витина, лелаш йолчу зудчун хазачу хабарех лар а во. |
|
| 25 |
|
| Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта, |
|
| 26 |
|
| хӀунда аьлча кхахьпанан мах баьпкан юьхканчул бен бац, амма нехан долахь йолу зуда бахьана долуш хьо хьайн дахарх а вала тарло. |
|
| 27 |
|
| Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тӀера коч а ца ягош? |
|
| 28 |
|
| Цхьа а стаг догуш долчу кӀегашна тӀехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош? |
|
| 29 |
|
| Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дӀа ца къаьхкинарг таӀзар ца хуьлуш вуьсур вац. |
|
| 30 |
|
| Къуьне цабезам ца кхоллало, цо, меца хиларна шен гай дузорхьама, хӀума лачкъийча. |
|
| 31 |
|
| Амма схьалаьцначул тӀаьхьа, цо ворхӀазза дукха юхадала деза, шен цӀийнан берриг а бахам дӀабала цуьнан дезахь а. |
|
| 32 |
|
| Шен йоцучу зудчуьнца лелачун кийрахь дог дац, цу тайпана лелаш волчо шен са а хӀаллакдо. |
|
| 33 |
|
| Еттар а, юьхьӀаьржачу хӀоттар а кхочур ду цуьнга, цуьнан эхь цкъа а дӀадайина хир дац. |
|
| 34 |
|
| Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагӀчух къинхетам бийр бац. |
|
| 35 |
|
| Цхьа а гӀуда цо дӀаоьцур дац. Шена ло совгӀат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна. |
|
|
|
|