|
| 1 |
|
| Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг? |
|
| 2 |
|
| Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь, некъаш вовшахкхетачу меттехь. |
|
| 3 |
|
| Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху, неӀарна чуволучу меттехь: |
|
| 4 |
|
| «Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш, массо а нахе кхойкхуш ду сан аз! |
|
| 5 |
|
| Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш. Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш. |
|
| 6 |
|
| ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду, сан багахула арадовлу дешнаш — цӀеначу дагара ду. |
|
| 7 |
|
| Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду, ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю. |
|
| 8 |
|
| Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац. |
|
| 9 |
|
| Кхетам берг цу дешнех дика кхета, иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета. |
|
| 10 |
|
| ДӀаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цӀеначу дешин метта, |
|
| 11 |
|
| хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна. |
|
| 12 |
|
| Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна. |
|
| 13 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна. |
|
| 14 |
|
| Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду. Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу. |
|
| 15 |
|
| Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху. |
|
| 16 |
|
| Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а, иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а. |
|
| 17 |
|
| Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду. |
|
| 18 |
|
| Соьгахь бу бахам а, сийлалла а, телхар йоцу хазна а, нийсо а. |
|
| 19 |
|
| Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу. |
|
| 20 |
|
| Со нийсонан некъаш тӀехула лела, аса бакъдолчун тачанаш лоху. |
|
| 21 |
|
| Со дезачарна ас хьал ло, церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу. |
|
| 22 |
|
| Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина. |
|
| 23 |
|
| Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале. |
|
| 24 |
|
| Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале, иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале. |
|
| 25 |
|
| Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале, |
|
| 26 |
|
| латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале. |
|
| 27 |
|
| Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а, |
|
| 28 |
|
| иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара. |
|
| 29 |
|
| Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара. |
|
| 30 |
|
| Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь. |
|
| 31 |
|
| Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара. |
|
| 32 |
|
| Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга. Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш! |
|
| 33 |
|
| ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла. |
|
| 34 |
|
| Декъала ву соьга ладугӀуш верг, сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а, сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг. |
|
| 35 |
|
| Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна. |
|
| 36 |
|
| Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву. Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву». |
|
|
|
|