|
| 1 |
|
| Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра. |
|
| 2 |
|
| Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра. |
|
| 3 |
|
| ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо: |
|
| 4 |
|
| «Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо: |
|
| 5 |
|
| «Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар. |
|
| 6 |
|
| Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало». |
|
| 7 |
|
| Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву. |
|
| 8 |
|
| Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха — цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу. |
|
| 9 |
|
| Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве — цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду. |
|
| 10 |
|
| Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар — иза кхетам бу. |
|
| 11 |
|
| Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду. |
|
| 12 |
|
| Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду. |
|
| 13 |
|
| Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю — цунна хӀумма а ца хаьа. |
|
| 14 |
|
| Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза. |
|
| 15 |
|
| Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта: |
|
| 16 |
|
| «Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» — бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху: |
|
| 17 |
|
| «Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду». |
|
| 18 |
|
| Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а. |
|
|
|
|