|
| 1 |
|
| Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду. |
|
| 2 |
|
| «Ма кӀорга къайле ю! — олу устазо, — Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш! |
|
| 3 |
|
| Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо? |
|
| 4 |
|
| Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу, ткъа латта абаденналц лаьтта. |
|
| 5 |
|
| Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу, иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло. |
|
| 6 |
|
| Мох къилбехьа а хьокху, къилбаседехьа юха а боьрзу. Иза, хьийзий, хьийзий, юха а шен метта схьабоьрзу. |
|
| 7 |
|
| Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду, амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу. Шаьш схьадевллачу метте юхадоьрзу и хиш. |
|
| 8 |
|
| Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан, ладегӀарх — лерг а дузур дац. |
|
| 9 |
|
| Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кӀел керла хӀумма а дац. |
|
| 10 |
|
| Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха. |
|
| 11 |
|
| Хьалха хилла адамаш цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу, ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а». |
|
| 12 |
|
| Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора. |
|
| 13 |
|
| Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! |
|
| 14 |
|
| Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду. |
|
| 15 |
|
| Сеттина йолу хӀума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац. |
|
| 16 |
|
| Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна». |
|
| 17 |
|
| Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла. |
|
| 18 |
|
| Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гӀайгӀа гулйо. |
|
|
|
|