Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан.
Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий.
ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.
Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.