|
| 1 |
|
| Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду. |
|
| 2 |
|
| Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг. |
|
| 3 |
|
| Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш. |
|
| 4 |
|
| Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх — безам бу. |
|
| 5 |
|
| Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела. |
|
| 6 |
|
| Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо. |
|
| 7 |
|
| Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц. |
|
| 8 |
|
| Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш. |
|
| 9 |
|
| Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ. |
|
| 10 |
|
| Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла. |
|
| 11 |
|
| Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина. |
|
| 12 |
|
| Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш. |
|
| 13 |
|
| Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо. ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла. |
|
| 14 |
|
| Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. |
|
| 15 |
|
| Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!» |
|
| 16 |
|
| Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо. |
|
| 17 |
|
| Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, цӀа юхаверзахьа, сан хьомениг, чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх я къоначу сех тарлохьа. |
|
|
|
|