×

Делан Йозанаш 2012

Илли 4

1
Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.
2
Лийчийначуьра догӀучу лергинчу жерчех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.
3
ЦӀен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю.
4
Хьан ворта Даудан бӀов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш, уьш дерриш а тӀемалойн ду.
5
Хьан ши накха акхачу газанан шала йинчу шина кӀорнех тера бу. ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.
6
Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со, хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.
7
Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!
8
Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал, схьадола соьца Ливанунера! Амана-лома тӀера сихло, Саниран а, Хьермонан а баххьашкара, цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра, лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.
9
Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.
10
Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал! Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду, хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!
11
Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал. Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогӀучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа.
12
ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал. ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.
13
Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду.
14
Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду, хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду, тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.
15
Хьо бешахь долу хьоста ду, Ливанун-ломара охьаоьхуш долчу дийначу хин гӀу а ю.
16
Къилбаседера гӀатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тӀе берза, тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогӀийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки