Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неӀ етта: «ДӀаелла суна неӀ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тӀехь тхи ду, сан месаш тӀехь буьйсанан тӀуналла ю».
Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла. Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш, сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза, неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.
Сайн везаргана неӀ дӀайиллира ас, амма иза, юха а вирзина, дӀавахара. Сан са малделира, иза дӀавахарна. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира.