Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Стенга вахана хьан везарг, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза? Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза. |
| 2 |
| Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петӀамат-зезагаш лахьо а. |
| 3 |
| Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву. |
| 4 |
| Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю. |
| 5 |
| ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш, цара дог тохадолуьйту сан. ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу гезарех тера ю хьан месаш. |
| 6 |
| Лийчийначуьра догӀучу жерчийн жех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь. |
| 7 |
| Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхкаш санна хаза ю. |
| 8 |
| Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а, |
| 9 |
| амма цхьаъ бен йоцург — иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза. |
| 10 |
| Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг? |
| 11 |
| БӀарийн беша чувоьссира со тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа. |
| 12 |
| Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/songofsolomon/006.mp3
8
6