|
| 1 |
|
| Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг! Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта! Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга, кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна? |
|
| 2 |
|
| КӀархаш буьйхина хьан когаш ма хаза бу, баьччанан йоӀ! Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна, исбаьхьа ю хьан настарш. |
|
| 3 |
|
| Хьан цӀонга горга кад бу, шена чуьра мерза чагӀар ца хеда. Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу, гонах петӀамат-зезагаш долу. |
|
| 4 |
|
| Хьан ши накха — ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу. |
|
| 5 |
|
| Хьан ворта — пийлан кӀомсарех йина бӀов санна ю. Хьан бӀаьргаш — Бат-Рабиман кевнна уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу. Хьан мара — Дамасакхана тӀеерзийначу Ливанунан бӀаьвнах тера бу. |
|
| 6 |
|
| Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу, хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю. Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву. |
|
| 7 |
|
| Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца! |
|
| 8 |
|
| Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ, кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош. |
|
| 9 |
|
| Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со, цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас». Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара! Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара! |
|
| 10 |
|
| Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш, нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара. |
|
| 11 |
|
| Со сайн везарган долахь ю, суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам. |
|
| 12 |
|
| Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма. |
|
| 13 |
|
| Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша, кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а, нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша. Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна. |
|
| 14 |
|
| Безаман зезагаша шайн хаза хьожа хецна, вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу, керланаш а, ширанаш а — уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг. |
|
|
|
|