Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а, Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла. |
| 2 |
| Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела. |
| 3 |
| КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». |
| 4 |
| Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца, Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а. |
| 5 |
| Иллица хаставе Веза Эла, Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела. ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь. |
| 6 |
| Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/isaiah/012.mp3
66
12