1
ХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.
2
«Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта.
3
Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла.
4
ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю — адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю — къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама.
5
Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама.
6
Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
7
Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду.
8
Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш.
9
ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де.
10
Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц.
11
Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду.
12
Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас.
13
Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.
14
ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву.
15
Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву.
16
Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу.
17
Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу.
18
Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара.
19
Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю.
20
Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац.
21
Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю.
22
Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш — цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012