|
| 1 |
|
| Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш. |
|
| 2 |
|
| Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду. |
|
| 3 |
|
| Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь, |
|
| 4 |
|
| Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна! |
|
| 5 |
|
| Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина. |
|
| 6 |
|
| Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. |
|
| 7 |
|
| Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта. |
|
| 8 |
|
| Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“. |
|
| 9 |
|
| Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна — дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо. |
|
| 10 |
|
| Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“ |
|
| 11 |
|
| Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду. |
|
| 12 |
|
| Стигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! |
|
| 13 |
|
| Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со. |
|
| 14 |
|
| Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“. |
|
| 15 |
|
| Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна. |
|
| 16 |
|
| Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг, |
|
| 17 |
|
| гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“ |
|
| 18 |
|
| Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву. |
|
| 19 |
|
| Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. |
|
| 20 |
|
| Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье. |
|
| 21 |
|
| Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта». |
|
| 22 |
|
| «Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, — боху Везачу Эло. — |
|
| 23 |
|
| Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. |
|
| 24 |
|
| Массо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. |
|
| 25 |
|
| Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу». |
|
| 26 |
|
| Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, |
|
| 27 |
|
| хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? |
|
| 28 |
|
| Ахьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира: |
|
| 29 |
|
| «Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу. |
|
| 30 |
|
| Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву. |
|
| 31 |
|
| Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь. |
|
| 32 |
|
| ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“». |
|
|
|
|