Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| ХӀара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Ӏар-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Кхир-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! |
| 2 |
| Нах шайн делан цӀа а, Дибон-гӀала а йолчу богӀу, уьш сагӀа доккхучу гунашна тӀе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гӀаланех. Церан массеран а кортош дӀалергина ду, массеран а мажош дӀаяьшна ю. |
| 3 |
| Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тӀехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бӀаьрхих дуьзна а ду. |
| 4 |
| Хьешбон а, ЭлиӀала а гӀаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхӀац-гӀалина тӀекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тӀемалоша маьхьарий детта — уьш дог доьхна бу. |
| 5 |
| Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦӀоӀар-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цӀе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чӀогӀа белхар хӀоттадо цара. |
| 6 |
| Нимрайман хиш дӀалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргӀалйоьлла, соьналла а дӀаяьлла. |
| 7 |
| Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха. |
| 8 |
| Берриг а Муаби-махкахь белхар ду, АгӀлайм-гӀалина а, Беар-Элим цӀе йолчу меттигна а тӀекхаччалц ду тийжар. |
| 9 |
| Дибон-гӀала цӀийх хьалаюьзна ю, амма Везачу Эло кхин а зен дийр ду цу махкана — Муабера бевддачарна а, махкахь бисинчарна а тӀе лом хоьцур ду. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/isaiah/015.mp3
66
15